Чулацаман тӀегӀо

Куш (паччахьалла)

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Историн пачхьалкх
Куш
Вайн эрал IX — VIII бӀешо хьалха — гергга 350
Коьрта гӀала Напата
Мероэ
Йаккхий гӀаланаш Напата, Мероэ
Кар-кара далар
← Керма паччахьалла
Аксуман паччахьалла →
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш
Суданан истори
Колонел хьалхара мур
Колонин мур
Маршо

Куш йа Мероитийн паччахьалла[1] — вайн эрал IX йа VIII бӀешо хьалхарчу заманара IV бӀешо кхаччалц, хӀинцалера Суданан мехкан къилбаседа декъехь (Нубехь) хилла шира паччахьалла[1].

Кхоллайалар

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Куш йу оьздангаллин а, политикин а когаметтаерг хьалхарчу Керма паччахьаллин, иза хилла Мисран ладаме мостагӀ, амма схьайаьккхира Тутмос I-чо.

Дуьххьарлера кхиина йукъараллаш хаало Нубехь, Мисран Хьалхара некъийн (вайн эрал 3100—2890 шераш хьалха) заманахь. Вайн эрал 2500 шо гергга хьалха мисархой къилбехьа гӀерта буьйлабелира, цаьргара бу Кушах болу хаамаш. И экспанси сацийра Мисран йуккъера паччахьалла йожаро а, кушитийн бартхой болу гиксосаш тӀелатаро а. Керла паччахьалла хӀоттийначул тӀаьхьа, вайн эрал 1550 шо хьалха, мисран экспанси карлайелира, амма хӀинца царна дика кечам бина дуьхьало йира. Историкийн шеко йу, дуьхьало цхьацца гӀаланаш йира йа йерриг цхьаьнатоьхна империно йира. Иштта къийсамаш бу дӀахьуш, паччахьалла кхоьллина меттигера бахархоша йа Мисрара чуйеина. ТӀелатар бахьнехь регион Тутмос I-чун куьйгакӀела, Мисран долайелира. Цуьнан эскаро гӀолоцура Ӏедалан цхьа могӀа гӀопаш бахьнехь. Нуби, Нилан доьалгӀа а, пхеалгӀа а тархаш тӀе кхаччалц, йукъатуьйхира Мисран, пхеа бӀешеран куьйгакӀела йахара пирӀунан сардалашна, церан даржах олура Кушан паччахьан кӀант. Керла паччахьалла йохарца вайн эрал хьалхара 1070 гергга шерашкахь, Куш хилира маьрша пачхьалкх, коьрта шахьар Напата[2] а йолуш.

Коьрта шахьар Напатехь йолу паччахьалла

[бӀаьра нисйан | нисйан]
Кушитийн еза тарх Гебель-Баркал

Вайн эрал 780—755 шераш хьалха Лакхара Нубин Мероэра Нилан кхоалгӀа тархе кхаччалц мохк цхьаьнатоьхна бара Аларан куьйгакӀела. Алара лорура кушитийн паччахьан некъий кхоьллинарг, шен когаметта болчара — XXV, Мисран кушитийн некъий. Паччахьалло совбоккхура шен Ӏаткъам, Аларан тӀаьхьа возу Каштан урхаллехь, къилба Мисрахь (Элефантина а, Фива а областашкахь) коьртехь бара. Каштас дийзийтара пирӀунан Такелот III-гӀачун цхьаьна цӀийх йолу йишин, Амонан зуда лоруш йолу Шепенупет I-чун, шен йоӀ Аменирдис I шен когаметтахилар дери дайта. Цул тӀаьхьа Фива йахара Напатан куьйгакӀела. Паччахьаллин Ӏедал уггаре чӀагӀделира Каштал тӀаьхьа хиллачу Пианхин урхаллехь, цуо йаьккхира йерриг Мисар 20 шо долуш, йолийра XXV-гӀа некъийн йуьхьиг.

Вайн эрал 671 шо хьалха ассирийхой Мисран тӀелетча, Куш йуха а хилира Мисрах къаьстина пачхьалкх. Мисар куьйгакӀела йало гӀоьртина тӀаьххьара кушитийн паччахь хилла Тануатамон, амма вайн эрал 664 шо хьалха боккха иэшам бина цунна ассирихоша. Цул тӀаьхьа паччахьаллин Ӏаткъам Мисрахь лагӀбала болабелира, вайн эрал 656 шо хьалха сецира XXVI-гӀа некъий кхоьллина волу Псамметих I-чо, йерриг Мисар цхьаьнатуьйхира шен Ӏедал кӀела. Вайн эрал 591 шо хьалха мисархой Псамметих II-гӀачун куьйгаллехь тӀелетира Кушан, тарло, Кушан урхалча Аспелта Мисран тӀелата кечам беш хилла хила, цара талораш дина, йагийра Напата.

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. 1 2 Мероэ и Куш Архивйина 2014-10-18 — Wayback Machine
  2. Morkot, Roger G. "On the Priestly Origin of the Napatan Kings: The Adaptation, Demise and Resurrection of Ideas in Writing Nubian History" in O'Connor, David and Andrew Reid, eds. Ancient Egypt in Africa (Encounters with Ancient Egypt) (University College London Institute of Archaeology Publications) Left Coast Press (1 Aug 2003) ISBN 978-1-59874-205-3 p.151
  翻译: