Маж йолчу аьрзунан бен боккха хуьлу, цхьа метр стомма а ши метр го болуш а. Баннаш до диттийн генех, кердагех, тIергах. И цхьа бен дукху а шерашкахь лаьтта. ХIоьаш 1 я 2 хуьлу ал басахь, мокха тIедарчий а долуш. Шина, кхаа баттахь гIовтту кIорнеш. Ижонна таллар хIаваэхь го туьйсуш ду. Еллачу бежанан дилх а, даьIахкаш а, акхарой а, олхазарш а доу цо.