Ӏеламстаг
Арахьара хатӀ
Ӏе̄ламстаг (Ӏаьр. عَالِمٌ Ӏа̄лим «Ӏилманча», «дешна стаг»[1]; д. т. Ӏе̄ламнах (عُلَمَاءُ Ӏулама̄ъ)[2] — иза гӀарабевлла а, исламан теорин а, практикин а агӀонаш йевзаш а болу, авторитет йолу Ӏилманчаш гулбеш йолу цӀе йу. Бусалбанаша дукхахьолахь Ӏеламстагах «шайх» олу.
Къастам
[бӀаьра нисйан | нисйан]Ӏеламстаг — иза шайн далилашца исламан хьукманаш девзаш верг ву. Кху кеппара къастам белла цунна исламан дукхахболчу Ӏеламнаха. Кху къастамо тӀедожадо Ӏеламстагна мужтахӀид хилар. Цхьаболчу Ӏеламнаха къеггина аьлла Ӏеламстаг мужтахӀид ву.
Хьосташ
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ Brown, Jonathan A.C. Misquoting Muhammad: The Challenge and Choices of Interpreting the Prophet's Legacy. — Oneworld Publications, 2014. — P. 3. — «The ulama (literally, the learned ones)». — ISBN 978-1-78074-420-9.
- ↑ Cl. Gilliot. ʿUlamāʾ. In: Encyclopaedia of Islam / Cl. Gilliot, R.C. Repp, K.A. Nizami … [и др.]. — 2. — Leiden : E.J. Brill, 2012. — ISBN 978-90-04-16121-4. — DOI:10.1163/1573-3912_islam_COM_1278.