Бугаев Ӏабдулла Махьмудан воӀ
Бугаев Ӏабдулла Махьмудан воӀ | |
---|---|
Вина терахь | 1949 шеран 1 январь (75 шо) |
Йина меттиг | |
Пачхьалкх | ССРС → Росси |
ГӀуллакхан тайпа | Ӏилманча |
Ӏилманан кхоче | истори |
Белхан меттиг | Нохчийн Республикин Жима хьуьнараллин гӀо лоцу фонд |
Альма-матер | Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан университет |
Ӏилманан дарж | историн Ӏилманийн кандидат |
Бугаев Ӏабдулла Махьмудан воӀ ((в)йина 1949 шеран 1 январь, Кхазакхийн Советийн Социалистийн Республика) — нохчийн Ӏилманча, йукъараллин а, пачхьалкхан а гӀуллакххо.
Биографи
[бӀаьра нисйан | нисйан]Вина вайнах махкахбаьхначу хенахь Кхазакхстанехь. 1967 шарахь дуьйна болх бира хьашташ кхочушдаран кооперацин системехь, цул тӀаьхьа эскаран гӀуллакхехь вара. Чекхйаьккхира Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан университет, цул тӀаьхьа аспирантура ССРС ӀА ССРС историн институт. Историн Ӏилманийн кандидат.
1978—1993 шерашкахь хьехархо болх бира Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан университет. 1990 шарахь хаьржина Нохч-ГӀалгӀайчоьнан халкъан депутат. 1991 шо кхаччалц вара Нохч-ГӀалгӀайн АССРн Лакхара Кхеташонан къоман политикин а, къаьмнашна йукъара йукъаметтигийн а гуттаренна комиссин председатель. 1991 шарахь дуьйна, Ӏедале Дудаев Джохар веинчул тӀаьхьа, куьйгалла дира антидудаевн оппозицин.
1993—1994 шерашкахь дийшира Российн Федерацин Правительствера Халкъан бахаман академехь. 1995—1996 шерашкахь вара Нохчийн Республикин Правительствон председателан хьалхара гӀовст Завгаев Доккин правительствехь. 1996 шеран июлехьхьаьржира Нохчийн Республикин Халкъан гуламан депутат Шуьйтан кӀошт тӀера.
Завгаевн Ӏедал доьжначул тӀаьхьа дийзира москоха дӀакхалха. 1996—2000 шерашкахь болх бира москохан цхьаьна фирмехь. 2000 шеран июнера 2001 шеран февраль кхаччалц вара Нохчийн Республикин Администрацин куьйгалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин хьалхара гӀовс.
Цул тӀаьхьа хилира Къилба федералан гуонера Президентан йуьззина бакъонаш йолчу векалан аппаратан белхало, хилира Президентан йуьззина бакъонаш йолчу векалан коьрта федералан инспектор а, хьехамча а. 2003 шарахь Нохчийчоьнан президентан дарже йукъатеттира шен кандидатура. 5 октябрехь хиллачу харжамашкахь 5,8 % харжамхойн кхаж тесира, кандидаташна йукъахь шолгӀачу меттигехь вара. Хаьржинчу президентан А. Кадыровн кхаж тесира 80,84 % харжамхоша.
2004 шарахь йуха а йукъатеттира шен кандидатура Нохчийчоьнан президентан дарже. ХӀинца президент хаьржира Алханов Ӏалу[1].
ХӀинца ву Нохчийн Республики Жима хьуьнараллин фондан урхаллин председатель. «Йукъара Росси» партин декъахо.
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ Избирком Чечни: Обойдемся без второго тура . grani-ru.appspot.com (2004 шеран 30 август). ТӀекхочу дата: 2017 шеран 17 август. Архивйина 2017-08-23 — Wayback Machine
Библиографи
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Абдурахманов Д. Б., Музаев М. Н., Бугаев А. М., Шепелев В. Н., Осмаев А. Д. Восстановление Чечено-Ингушской АССР. — Нальчик: ООО «Печатный двор», 2013. — Т. 1. — 496 с. — 1000 экз. — ISBN 978-5-905770-32-6.
- Бугаев А. М. Советская автономия Чечни - Чечено-Ингушетии: очерки истории становления и развития. — М.: КЕП, 2012. — Т. 5. — 89 с. — (Знанием — объединимся). — ISBN 5906177051.
- Бугаев А. М. Политико-правовая реабилитация репрессированных народов Северного Кавказа // Архивный вестник : журнал. — 2016. — № 4. — С. 140—153.
- Грозненский городской комитет обороны: документы и материалы / Бугаев А. М., Гапуров Ш. А., Шепелев В. Н., Музаев М. Н. и др.. — Гр.: Грозненский рабочий, 2015. — 400 с. — 1000 экз. — ISBN 978-5-4314-0212-8.
- А. М. Бугаев. Кадровая политика партийных и советских органов Чечено-Ингушетии в период восстановления её автономии (1957-1960) // Архивный вестник. — 2017. — № 5. — ISSN 978-5-6040381-2-3.
Хьажоргаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Бугаев, Абдулла Махмудович . biografija.ru. ТӀекхочу дата: 2017 шеран 22 август.
- Бинарш 1 январехь
- Бинарш 1949 шарахь
- Бинарш Кхазакхстанехь
- Историн Ӏилманийн кандидаташ
- Адамаш абатца
- Ӏилманчаш абатца
- Википеди:Сурт доцу агӀонаш (тайпа: адам)
- Белларш 1 январехь
- Белларш 1949 шарахь
- Нохчийчоьнан политикаш
- «Йукъара Российн» декъашхой
- Нохчийн пачхьалкхан университетера арахецнарш
- Нохчийн пачхьалкхан университетан хьехархой